Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а». Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо».
Выбор основного перевода