Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш. Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дІакхехьийта. Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гІуллакхаш, дагадоуьйтур ду ас Ахьа дІаяханчу заманахь дина тамашийна хІуманаш. Со кхета хьожур ву дерриг а Хьан гІуллакхех, ойла йийр ю ас Хьан сийлахьчу гІуллакхех лаьцна. Дела! Беза бу Хьан некъ. Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна! Хьо тамашийна гІуллакхаш деш волу Дела ву, Хьайн ницкъ къаьмнашна юкъахь гойтуш а ву. Хьайн ницкъаца Ахьа Хьайн халкъ кІелхьардаьккхина, Якъубан а, Юсупан а тІаьхье. Хишна Хьо гина, ва Дела, Хьо ган а гина, уьш кхераделла, кІорга хІорд а лестина. Мархаша хи охьаоьхуьйтура, стигал а яра къекъаш, Хьан пхерчий а дара кхуьссуш. Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара. Хьан некъ хІорда юккъехь бу, доккхачу хишна юккъехула дІабоьду Хьан некъ, амма Хьан лараш ца гинера. Жа санна, дІадуьгура Ахьа Хьайн халкъ Мусан а, АхІаронан а куьйгаца. ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа? Ахь ца бакъийна хІорд, йоккхачу кІоргаллин хиш, хІордан бухахула некъ а буьллуш, кІелхьарбевлларш цунна тІехула дехьабовлийта?
Выбор основного перевода