Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! Хьалхарниг санна Ас аьлла Цийоне: „ХІорш бу хьуна уьш!“ Ярушалайме хаза кхаъ эцна геланча вахийтина Ас. ЛадогІа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина, хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара. Шайн бІаьргашца го царна, Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш. Везачу Эло элира: «Шуна тІе гІаролхой хІиттийра Аса. Коьман маІаца орца даккхаре ладогІа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугІур дац!“ – аьлла. Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. «Адаман кІант! Ас Исраилан халкъан гІаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цІарах цаьрга дІахьедар дан деза ахьа.
Выбор основного перевода