Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Іаш волу меттиг сийлалла хир ю. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! Ас Сайн массо а лаьмнех тачанаш дийр ду, Сайн массо а коьрта некъаш хьалаойур ду. Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало».
Выбор основного перевода