Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тІеттІа серлаболу и некъ. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кІелхьардаккхар гур ду. Лаьтто шен ялта кхиоре терра а, бешо стоьмаш хьалабахаре терра а, Везачу Эло нийсо кхуьуьйтур а ю, массо а халкъашна хьалха Шена хастамаш бойтур а бу. Веза Эла, и дерриг а хиллачул тІаьхьа а ІадІийр ву Хьо? Вист ца хуьлуш а, тхуна барам боцуш таІзар деш а хир ву Хьо?
Выбор основного перевода