Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймах хазахеташ а, цуьнан халкъах самукъадаьлла а хир ву Со. Цу гІали чохь кхин хезар дац белхар а, тийжам а. Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо». Іийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц.
Выбор основного перевода