Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхойкху хьоьга, йитина а, дог доьхна а йолчу зудчуьнга санна, жимачу хенахь ялийна а, юха дІатесна а йолчу зудчуьнга санна, – боху хьан Дала. – КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. Хьо дІатесна а, ца езаш а, цхьа а хьуна чухула чекх а ца волуш хиларан метта, Ас йийр ю хьох гуттаренна а исбаьхьалла а, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка хазахетар а долу гІала. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хІокху лаьтта тІе чІагІбина баха охьаховшор бу». Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга. Цу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду. Шух массо халкъаша декъалдинарш эр ду, хІунда аьлча шун мохк безаме мохк хир бу», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. «Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух».
Выбор основного перевода