Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан олахочун уггар кІезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гІерта хьо, Мисар-махко хьайна тІеман гІудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Іаш хилча? Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. Къа ду Мисар-махка гІо деха боьлхучеран! Мисархойн говрех а, гІудалкхех а, уьш дукха хиларна, догдохийла а йолуш, церан дошлойх, уьш онда хиларна, бІо а булуш бу уьш, амма Исраилан халкъан Везачу Деле а ца хьовсу, Везачу Эле гІо а ца доьху цара. Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“.
Выбор основного перевода