Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева а цІераш йолчу гІаланийн паччахьаш?» Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ЦІуйн карахь йолу пачхьалкхаш Аса схьаяхарна – ткъа оцу пачхьалкхийн цІуш Ярушалаймехь а, Шамран-гІалахь а болчу цІуйл нуьцкъала бара – ‘Везачу Эло вай кІелхьар а дохур ду, и гІала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхІуга ле ма дайта.
Выбор основного перевода