Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тІом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду. Делан стага, Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дІалур ю. ТІаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“». Ткъа хІинца Хьузакх-ЯхІуга шаьш иштта Іеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кІелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“». ‘Везачу Эло вай кІелхьар а дохур ду, и гІала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхІуга ле ма дайта.
Выбор основного перевода