Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен долахь йолчу гІу чуьра хи а молийла, Хьайн гІу чуьра мала хи – хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи. Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза. Оцу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шух хІораммо а шайн кемсана а, инжир-диттана а кІелахь Іа шайн уллораниг хьошалгІа кхойкхур ву“».
Выбор основного перевода