Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахус Юши-ЯхІуна тІе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дІаала аьлла: «Суна а, хьуна а хІун ду иза, яхІудхойн паччахь? ХІинца со хьуна дуьхьал тІом бан вогІуш вац, ткъа соьца тІом латтош йолчу пачхьалкхе вогІуш ву. Дала, сихо е аьлла, тІедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а».
Выбор основного перевода