Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“. Мисар-махкара богІур бу векалш. Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш. Нил-хина тІехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тІера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тІехь хишна тІехула лела. ТІах-аьлла векалш, дІадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тІе гІо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагІа доккху кхерч хІоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тІулг хІоттор бу. Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хІуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тІаьххье дІабогІур бу, шайна тІехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьІна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“». Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доІа дечара, Ас дІасадаржийначу халкъо, Суна совгІаташ дахьар ду. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу. Нагахь санна лаьтта тІера цхьа къам Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан Ярушалайме ца дагІахь, церан лаьтта тІе догІа догІур дац.
Выбор основного перевода