Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьІаьржа а хІуьттур бу. Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хІаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тІе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Іадийна хир ду. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гІур бу, шена кхерам бац бохуш, Іаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таІзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Іадийна хир бу. И де билггал тІекхочуш ду!’ Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПІатІа а, Лива-мохк а цуьнга гІо лаца богІура. Шу а, хушахой, Сан туьро хІаллакдина хир ду. Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доІа дечара, Ас дІасадаржийначу халкъо, Суна совгІаташ дахьар ду.
Выбор основного перевода