Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
малх хьалаболучу Іуьйренан нур санна, марха йоцучу Іуьйренан нур санна, лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу догІа сецча хуьлу серло санна ю“. ХІетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гІовттур ду! Ченахь мел Іохкуш берш, гІовттий, хазахетарца мохь хьекха! Іуьйренан Хьан тхи – иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тІе дожадо». ХІунда аьлча Веза Эла ву Шен хІусамера араволуш лаьтта тІехь бехачарна таІзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тІехь Іанийна долу цІий, кхин къайлабохур бац байина нах. «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Іийра Со, садетташ а, собаре хилла а Іийра. Амма хІинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.
Выбор основного перевода