Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш! ХІара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара: Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Іачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагІа сиха а, атта а схьакхочуш ву! Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Іесачу нахана таІзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кІорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагІашна леринчу цІеро берриш а дІакхоллийла Іесанаш! ЯхІуд-махкахь массарна а дІахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дІакхайкхаде: «Коьман маІа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дІаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чІагІйина йолчу гІаланашка дІагІур ду вай“. Байракхца хаам бе, Цийоне дІагІо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дІадовда, хІунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хІаллакьхилар а, боккха бохам а. Довда, шайн дахар кІелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дІагІо Ярушалайм-гІалара! ТакхоІ-гІалахь коьман маІа лакха! ЦІарца орца даккха Байт-КІарам-гІалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хІаллакьхилар а тІегІерташ ду.
Выбор основного перевода