Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дІатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тІе а, тогІеш тІе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ІиндагІера дІадаханера. Дамардарц хилла Іуьллучу цу дитта тІехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хІуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. И хІу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дІасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гІаш а дІадохура. Месала тІемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дІадийначу лаьттана тІера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тІеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла. Дикачу лаьтта тІе, шорта хи долчохь, дІайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дІаса а дахийтина, тІехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“. Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тІера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тІаьххьара а дакъа а луш? Цунна тІера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТІаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гІо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха. Ша дІайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дІайийначохь иза якъалур ма ю!’“»
Выбор основного перевода