Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Сан денош кІади деш йолчу чорха тІехь дІасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тІехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу. «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву. Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза. ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш. Сан бІаьргаш балано талхийна, сан дегІ ІиндагІ санна ду. Сан денош къайладолу ІиндагІ санна ду, со, буц санна, вакъавелла дІаваьлла. Суна чохь долу са эшна ду, сан дог шелделла ду. Хьанна хаьа, хІун дикаха ду адамна шен, ІиндагІ санна, дІауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кІел дІакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг?
Выбор основного перевода