Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора. ХІара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь. ЦІеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цІийнан биъ пен охьабожийра. ЦІа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».
Выбор основного перевода