Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до, Ницкъболчо харцкхел а ца йо. Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе. Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дІадоьллуш хилча, хІун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таІзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
Выбор основного перевода