Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тІехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тІехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хІара санна сийлахь гІуллакх, я хезний те хІара санна дерг? Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга. Хьекъалалла долчара дийцинчух а, цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш, дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.
Выбор основного перевода