Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу! Иштта олийла Везачу Эло паргІатбаьхначара, мостагІийн карара Цо схьа мел баьхначара, Тхан дегнийн хазахетар а дІадаьлла хІинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хІинца. Шун деза денош гІайгІане дийр ду Ас, аша локху массо а эшар, белхар а дина, дІахІоттор ю. Массарна а сингаттаман духар тІедухур ду, хІораннан а корта баьшна хуьлуьйтур бу. Махкахь белхар доккхур ду, цхьаъ бен воцучу кІантана деш долу белхар санна, цуьнан чаккхе къаьхьа де санна хир ю.
Выбор основного перевода