Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со къаьхкаш хилларг суна тІекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили. Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаІар а дац: сан са карзахдаьлла». Суна хьалхара некъ Цо дІалаьцна, цундела со дІа ца вахало, сан некъаш тІе Цо бода хІоттийна. Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга. Веза Эла, кхоччуш дІатеттина те Ахьа ЯхІудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чІогІа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хІума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тІекхочу.
Выбор основного перевода