Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара къен верг шайн некъа тІера дІатотту, махкахь гІело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу. Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш, шайн болх кхочушбан арабовлу уьш. Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло. Цара нехан кхаш тІехь шайна докъар гулдо, хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо. ТІехь хІума доцуш дІабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тІеюха хІума а яц церан. Ламанан догІанаша уьш башабо, уьш тархех дІахьерча, дІалечкъийла шайн ца хиларна. Суна хІун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах, оцу дайн гІора цаьргара дІадаьхьна хилча? Къоьллех а, мацаллех а гІелбелла, буьйсанна яьссачу аренгахь декъа орамаш доура цара. Коьллашна юкъара сорам боккхура цара, ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра. Адамашна юкъара дІалоьхкура уьш, къушна тІе санна, царна тІе мохь хьоькхура. Церан Іойла дакъаделлачу хин Іаннаш чохь ду, лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь. Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Іоьхура уьш, нитташна юкъахь шаьш дІахьулбора. ЦІе йоцу, пайда боцу, махкара лаьллина лелош йолу арданг!
Выбор основного перевода