Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Белла Іесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гІелбинарш цигахь садоІуш ма хуьлу. Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш, амма суна жоп луш цхьа а вац, ас орца доху, амма суна нийсо ца йо. Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гІаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тІулгаш тогІи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода