Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гІаланех цхьанна чохь Іаш волу тІевеанарг иза велахь а. Іеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хІаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. Лахийша Веза Эла, лаьтта тІехь шаьш кІезиг хеташ долчу, Цо тІедиллинарг кхочушдечу массара а. Нийсонца лелийша, шайн кІезигалла дагахь латтаейша. Шу кІелхьардовлийла хила тарло Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь.
Выбор основного перевода