Ткъа ахьа боху: „ХІун хаьа Далла? Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“
Мархаша хІума ган Цунна новкъарло йо, Иза стигалан Іаьршашкахула лелачу хенахь.
Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дІа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».
Малх дІа а буьзна, суьйре тІееанера, бода булуш бара.
Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гІертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гІуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш.