Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Цу тІе, адамна ца хаьа, шен тІаьххьара де тІе маца догІу. Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чІерий санна, я речІанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна, иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь тІедогІучу халачу тІаьхьарчу сахьто дІалоцу. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду. ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Декъаза бу Везачу Элан де тІекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций.
Выбор основного перевода