Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. Къора яра схьайогІуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тІе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чІогІа къора яра иза. Дуккха а йолу гІелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кІелара схьахезаш ду церан узарш. Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. Иштта боху Хьалдолчу Эло Цора-гІале: «Хьо южуш даьллачу татанах а, чевнаш хиллачара дечу узарех а, хьуна чохь адамаш дайарх а, кхераделла, дегор дац теша хІордан йистехь дехаш долу къаьмнаш?
Выбор основного перевода