Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Сан гІуллакхна тІехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Іарша тІе охьахиира. Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю. Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо.
Выбор основного перевода