Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сан гІайгІа озалур елахьара! Сан бала терзанна тІе буьллур белахьара! Иза хІордан йистера гІамарал а беза хир бара. Цундела ду сан къамел сел доьхна! Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац – аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дІабуьйцур бу. Аса дечу узарша со гІел а во, дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. ХІунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тІехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хІоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан. Веза Эла! Сан берриг а лаамаш Хьуна хьалха ма бу. Сан синан садеІар Хьох къайла ца долу.
Выбор основного перевода