Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те? Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана, буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь? Веза Дела, Ахь зийна тхо, цІергахь лала а деш, цІандо дети санна, цІан ма дина Ахь тхо. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа. Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а. Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна. Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла. Со харц некъа тІе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа. Хедар боцучу дахаран некъа тІе Ахьа со ваккхахьа. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“» Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.
Выбор основного перевода