Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьне Іесачеран кара дІаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бІаьргаш дІакъовлу. Цо дІакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш? Іесанаш дукха хІунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? Церан цІенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гІаж а яц царна тІехь тІеайина. Ткъа Цо церан цІенош хьолах хьаладузура. Амма ас церан хьехамаш тІеоьцур бац! Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу?
Выбор основного перевода