Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву? Ахьа со, шура санна, охьавоьттира, ткъа юха, кІалд санна, вукъвира Ахьа со. ХІорра а болх бечуьра дІасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дІахаийтархьама. Даудан тІаьхьенах волчу паччахьан цІийнан догІа цуьнан кара лур ду Ас. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц. «Палидалпи-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догІа Долчо. Цо неІ дІаястахь, цхьаьнгге а иза дІакъовлалур яц. Цо неІ дІакъовлахь, цхьаьнгге а иза дІаясталур яц.
Выбор основного перевода