Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. (И догІа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий). Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тІема мел йолу хІума а, ша-ша тайпа олхазарш а. И массо а шайна чохь са долуш йолу хІуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. Дала тІе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хІуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тІаьхьа хинкеманан неІ дІачІегІира Везачу Эло. Лаьтта хи тІедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. Хи, кхин а чІагІлуш, дебара лаьтта тІехь, ткъа кема хин тІехула лелара. Хи гулдалар лаьтта тІехь тІех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дІахьулделира хи чохь. Лаьмнаш хьулделлачул тІаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. Лаьтта тІехь лелаш мел йолу садолу хІума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хІуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дІакхелхира. Дерриге а лаьтта тІехь хилла йолу мерІуьргашкахула садоІуш мел йолу хІума елира. Лаьттахь хІора садоІуш мел йолу хІума хІаллакьхилира. ХІаллакьхилла дІадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хІаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хІума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира. Ткъа хи чІагІлуш лаьттира лаьттахь цхьа бІе шовзткъе итт дийнахь. ТІаккха Везачу Элан оьгІазалла, яьлла цІе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дІакъовлур ю, догІа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТІаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тІехь шу кестта хІаллакьхир ду. Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. Дала Шена лерина хІусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тІехь дІахІоттийна. Цо хІордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тІехула дІа а Іанадо. Цуьнан цІе – Веза Эла ю!
Выбор основного перевода