Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира. Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хІонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза. Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина. Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу.
Выбор основного перевода