Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира. паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цІенош шайна юхаметтахІиттийна болчу. Дуьне Іесачеран кара дІаделла ду, ткъа Цо кхелахойн бІаьргаш дІакъовлу. Цо дІакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш? Соьга хилла болу ларам Цо дІабаьккхина, сан коьртара таж а дІадаьккхина. Цундела Аса кхидІа а оцу къомана инзаре хІуманаш дийр ду, цуьнан дуьхьа Аса Іаламат тамашийна гІуллакхаш дийр ду. Церан хьекъалчийн хьекъалалла довр ду, кхетам болчийн кхетам а хир бац». Цо баьччанех хІумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тІепаза бойу. Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».
Выбор основного перевода