Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». ХІумма а боцучу цІуйн сийдийраш бІаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Іаш ву. Везачу Эло иштта боху: «ХІун зулам гина шун дайшна Соьгара, уьш Суна херабовллал? Суна гена а бевлла, хІумма а йоцучу цІушна суждане а оьхуш, шайх а хІумма а йоцург хилла царах. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина.
Выбор основного перевода