Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Іожаллин зІенаша дІалаьцнера со, дохаран тулгІенаша дІахьош вара со. Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох, Іожаллин бой яра суна хьалха. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира, Цо, дІа а хезна, синпаргІатоне со ваьккхира. Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дІа а хезира. qac Уqac*р-атталла цу кІоргачу ор чуьра хьала а Хьан цІе ас ма йохура, сан Веза Эла! «qac Уqac*зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дІа!» – аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дІа.
Выбор основного перевода