Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІа а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Ткъа ас элира: «ХІара бу сан бала: Веза Воккха Дела тхан дуьхьа кхин цалелар». Сайна дагадоуьйтур ду ас Везачу Элан гІуллакхаш, дагадоуьйтур ду ас Ахьа дІаяханчу заманахь дина тамашийна хІуманаш. Цара мацалла а, хьогалла а ловра, церан синош царна чуьра дІадовлуш дара. Сан са кхачочу хенахь Хьуна сан некъ бевза. Со лелачу новкъахь мостагІаша къайлаха суна гур боьгІнера.
Выбор основного перевода