Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бІаьргашна дуьхьалара Ахь со дІаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дІахезира сан доІанан аз, Хьайга со дІакхайкхича. Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тІехь кхин гур вац суна Веза Эла. Дахар дІахедош долчу дуьнен тІехь кхин цкъа а адам гур дац суна.
Выбор основного перевода