Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тІехула ІиндагІ хилийтархьама а, цхьа орамат кхиийра. Иза Юнусал а лакхаяьлла хьалакхиира. Юнусана и орамат чІогІа хазъелира. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. Боьхачу а, телхинчу а тІаьхьено тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Іийса дІавахара. Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира.
Выбор основного перевода