Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хІиттийна Нунав-гІала а, Рехьабат-гІала а, Калахь а, Расан а цІераш йолу гІаланаш а. Нунав-гІалина а, йоккха йолчу Калахь-гІалина а юккъехь яра Расан-гІала. Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Дала ма-бохху, Нунав-гІала вахара Юнус. Далла гергахь еза шахьар яра и Нунав-гІала. Кхаа дийнахь некъ баллал йоккха яра иза. Юнусана иза чІогІа халахийтира, цундела иза оьгІазвахара. Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бІе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гІаланах?» Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
Выбор основного перевода