Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дІа а ваьлла, Іедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цІе йолчу меттиге ваха охьахиира. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Иза вистхуьллушехь, дарц тІехьоду, яккхий тулгІенаш ловза а юьйлуьйтуш. Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со? Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гІалано хьоьгара хІуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гІели а луш. Іийсах тешаш а йолуш, Яппи-гІалахь Іаш Тавита цІе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цІе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагІа луш а стаг яра.
Выбор основного перевода