Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ХІордийн а, церан тулгІенийн гІовгІа а, халкъийн карзахдалар а дІасацош верг а Хьо ву. Ахьа олалла до карзахбаьллачу хІордана тІехь: цуьнан тулгІенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо. Цо дарц тап-аьлла дІасацийра, тулгІенийн гІовгІа а дІаелира. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. Уьш хинкеманна чу бевлча, мох дІасецира. Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода