Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Кхана шайн тайпанашца тІедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тІедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тІедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогІуш, тІебан беза. Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тІе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. Шаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна». Гулбеллачарна дай, кІанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира. ТІаккха Шаула элира: «Суний, сан кІантаний юкъахь кхаж таса». ЯхІунатина кхаж белира. Цхьа хІума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хІуманан тІаьхье Везачу Элехь ю. Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.
Выбор основного перевода