Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
ТІаккха ЮшаІа элира Іахане: «Сан кІант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гІерта». Шаула ЯхІунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хІун даьлла хьоьгара?» ТІаккха ЯхІунатас дІадийцира: «Аса, сайгара гІаж чу а Іоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хІума бахьана долуш со вала везаш вуй?»
Выбор основного перевода