Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4
Параллельные места
Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХІун до вай Везачу Элан дезачу тІорказна? ХІара шен махка дІа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!» Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тІорказ дІадахьийта гІерташ делахь, иза ша ма-дарра дІа ма дахьийта: аша сагІа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТІаккха хуур ду шуна, Цо шайна таІзар хІунда дина». Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагІа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пІелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цІарах пхиъ, дегІа тІехь яьлларг санна, дашо хІума а, пхи дашо дахка а бан беза, хІунда аьлча шуна дина долу таІзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу. ДегІана тІе яьлла йолу пхи дашо хІумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тІера а, шун делашна тІера а, шун лаьтта тІера а дІадаккха мега шуна. Амма уьш чІогІа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХІара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Выбор основного перевода