Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Сайх болу кхерам хьол хьалха дІабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тІедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагІий, дІа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дІасадаржор ду стигална кІел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дІахезнарш кхералур а бу, Іадор а бу“». Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».
Выбор основного перевода