Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дІалур бу. Хьешбонехь Іийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша. Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агІонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гІалин паччахьна Сихьонна а, Іаштаратехь Іаш хилла волчу Башанан паччахьна ІовгІина а динчух лаьцна а. эмархойн паччахь Сихьон а, Башанан паччахь ІовгІа а, канаІанхойн массо а паччахьаш а. Эмархойн паччахь Сихьон а, – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Башанан паччахь ІовгІа а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода